bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Song of Solomon 1
Song of Solomon 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 2 →
1
Сулим-паччахьан дерриге а иллешна юкъара уггар а хаза илли. Цо берташца дӀахьулйойла сан юьхь! ЧагӀарал мерза бу хьан безам!
2
Хьан духӀийн хьожа а мерза ю. Хьан цӀе дӀасаӀанийна хьакхар санна ю. Цундела веза хьо мехкаршна!
3
ДӀайига со хьайца, сихлур ду вайшиъ! Паччахьо шен цӀа чу йиги со! Вайшиъ самукъадаьлла хир ду, сакъоьруш хир ду. ЧагӀарал чӀогӀа болу хьан безам хестор бу вай. Ма нийса бу хьо дукха везаш берш!
4
Ярушалайман мехкарий, со Ӏаьржа ю, амма хаза ю, Къедаран четарш санна Ӏаьржа ю, Сулиман цӀийнан шаршуш санна хаза ю.
5
Сан Ӏаьржачу басе ма хьежа — малхо еттина со. Сан ненан кӀенташа, суна оьгӀаз а бахана, кемсийн бошмаш ларъян хӀоттийна со, ткъа сайн кемсийн беш ас лар ца йина.
6
Сан дагна везнарг, алахьа соьга: мичахь дажадо ахь хьайн даьхни? Мичахь садоӀу ахь делкъахенахь? Хьан накъостийн жашна уллохь хьо, юьхь къайла а яьккхина, хӀунда лоьхура ас?
7
Хьуна хӀунда ца хаьа и меттиг, зударшна юкъахь уггар исбаьхьаниг? УьстагӀийн лорах дӀа а гӀой, жаӀуйн четарш уллохь хьайн буьхьигаш яжае.
8
ПирӀунан южучу кхелашна юкъахь уггар исбаьхьачуьнца хьо юсту ас, сан хьомениг.
9
Исбаьхьа ю хьан беснеш лергарчу чӀагаршна юкъахь. Хьан логах кхозуш жовхӀарш ду.
10
Детица кхелина дашо чӀагарш йойтур ю вай хьуна.
11
Шен маьнги тӀехь паччахь хиъна мел Ӏан, сан духӀино шен хаза хьожа йоуьйтура.
12
Сан накхошна юкъахь Ӏуьллу чохь хаза хьожа йогӀу бецаш долу бохча санна ву сан хьомениг суна.
13
Мерзачу зазанан курс санна ву сан везарг Ӏейн-ГӀадин кемсийн бошмашкахь.
14
Ма исбаьхьа ю хьо, сан деган зезаг, ма исбаьхьа ю! Кхокха санна, эсала а, хаза а бу хьан бӀаьргаш!
15
Ма исбаьхьа ву хьо, сан везарг, ма безаме ву! Соьналлех бина бу вайн мотт.
16
Вайн цӀийнан бӀогӀамаш хилла лаьтта баганан дитташ, вайн чуьра тхевнаш зоьзан диттех дина ду.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8