bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Song of Solomon 2
Song of Solomon 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 3 →
1
Со Шарон-аренара акха зезаг ду, тогӀи чуьра петӀамат-зезаг ду.
2
Коканан коьллаш юкъахь петӀамат санна, мехкаршна юкъахь ду сан деган зезаг.
3
Хьуьнан дитташ юкъахь Ӏожан дитт санна, кхиъначу кӀенташна юкъахь ву сан везарг. Цу Ӏожан ӀиндагӀехь хиъна Ӏаш хазахета суна, цуьнан стоьмаш сов мерза ду ас дууш.
4
Цо со той долчу цӀа чу йигира, суна тӀехула йолу цуьнан байракх — безам бу.
5
Кишмашца сан гӀора чӀагӀдейша, Ӏежашца сан дог тодейша, гӀелъяллалц безамах со хьоьгу дела.
6
Цуьнан аьрру куьг сан коьрта кӀелахь ду, аьтту куьйгаца со марайоьллина цо.
7
Ярушалайман мехкарий, сейн а, аренан лунийн а цӀарах дехар до шуьга: безам ма баккхийша сама, ма гӀаттабайша иза, цунна лаъалц.
8
Сайн везарган аз хеза суна! Иза вогӀуш ву, лаьмнашна тӀехула кхиссалуш, гунашна тӀехула лелхаш.
9
Сан хьомениг масарх я къоначу сайх тера ву. Тхан пенна тӀехьа лаьтта иза, цӀийнан корах чу а хьоьжуш, гурах чекх бӀаьрг а бетташ.
10
Сан везарг соьга баха хӀоьтти: «ХьалагӀатта, сан хьомениг, сан исбаьхьаниг, араяла.
11
Хьажал, Ӏа а дӀадаьлла, догӀанаш а севцина.
12
Лаьтта тӀехь зезагаш а гучудевлла. Олхазарша эшарш лоькху хан тӀееана, къоркхокхийн аз ду вайн махкахь хезаш.
13
Инжиран дитто шен стоьмаш а марздо, заза даьккхинчу кемсийн таьлланго хьожа а гӀиттайо. ХьалагӀатта, сан хьомениг, сан исбаьхьаниг, араяла.
14
Ломан чӀожана чохь болу сан кхокха, тархашна юкъахь хьулъелла йолу хьо, гайтахьа суна хьайн юьхь, хьайн аз хазийтахьа суна, хӀунда аьлча хаза ду хьан аз, юьхь а ю хьан исбаьхьа.
15
Схьалеца тхуна цхьогалан кӀорнеш, кемсийн бошмаш талхош долу! Заза даьккхина йолу кемсийн бошмаш талхош долу цхьогалш схьалеца тхуна!»
16
Сан везарг сан ву, ткъа со цуьнан ю. Цо шен жа петӀаматаш юккъехь дажадо.
17
Де дохделла а далале, ӀиндагӀаш а дӀадовдале, цӀа юхаверзахьа, сан хьомениг, чӀажийн лаьмнашна тӀерачу масарх я къоначу сех тарлохьа.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8