bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Song of Solomon 3
Song of Solomon 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 4 →
1
Бус-буса сайн меттахь а Ӏуьллуш, сайн дагна везначух а хьоьгуш, сайн хьомечух со мел хьоьгура, амма цкъа а иза кара ца вора.
2
Хьала а гӀаьттина, гӀалин урамашкахула а, майданашкахула а дӀагӀур ю со. Сайн дагна везнарг лоьхур ву ас. Ас лийхира иза, амма суна иза ца карийра.
3
ГӀалина гобоккхуш болу гӀаролхой дуьхьалкхийтира суна: «Сан дагна везнарг-м ца гира шуна?»
4
Амма со царна уллора дӀа-ма-елли, сайн дагна везнарг карийра суна. Иза, схьа а лаьцна, сайн ненан цӀа чу, со йинчу чоьнаш чу кхаччалц, дӀа ца хийцира ас.
5
Ярушалайман мехкарий, сейн а, аренан лунийн а цӀарах дехар до шуьга: безам ма баккхийша сама, ма гӀаттабайша иза, цунна лаъалц.
6
ХӀун ю иза, яьссачу арара, кӀуьран бӀогӀам санна, гӀоттуш ерг, эцначу тайп-тайпанчу бецех йинчу, хаза хьожа йогӀучу хӀуманийн мархашкахь а хуьлуш?
7
Хьажал! Сулим ву шен паччахьан гӀантахь вахьаш, кхузткъа тӀемало ву цунна гонах, Исраилан мехкан тоьлла тӀемалой.
8
Цаьргахь массаьргахь а тарраш ду, уьш тӀамана говза бу. Буьйсанан кхерамех лардан тур ду цаьргахь хӀорангахь а.
9
Ливанунерчу дечигах гӀант дайтина Сулим-паччахьо, цу тӀехь ша дӀасалелавайта.
10
Цуьнан гураш, тӀе дети а лоцуш, дайтина цо, цуьнан бух, тӀе деши а лоцуш, байтина, тӀехоу меттиг цӀечу кӀадих яйтина. Чуьра а Ярушалайман мехкарша безамца кечдина ду и гӀант.
11
Дуьлол, Цийонера мехкарий, хьовсал таж тиллинчу Сулим-паччахье! Паччахьо зуда ялочу дийнахь, цуьнан дагна хазахетар хуьлучу дийнахь, шен нанас иза кечвина таж ду иза!
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8