bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Song of Solomon 4
Song of Solomon 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 5 →
1
Ма исбаьхьа ду хьо, сан деган зезаг, ма исбаьхьа ду! Кирхьанна кӀелара хьан бӀаьргаш, кхокхарчий санна, эсала бу. ГалӀад-лома тӀера чуйогӀучу гезарех тера ю хьан месаш.
2
Лийчийначуьра догӀучу лергинчу жерчех тера ю хьан цергаш. Цу жерчийн хӀораннан а шен шаланиг бу, цхьа а байна бац царна юкъахь.
3
ЦӀен аса санна ду хьан балдаш, ма хаза ю ерриг а хьан бат. Кирхьанна тӀехьа хьан беснеш наран аьхгаш санна хаза ю.
4
Хьан ворта Даудан бӀов санна ю, исбаьхьа йина йолу. Эзар турс ду цунна тӀехь кхозуш, уьш дерриш а тӀемалойн ду.
5
Хьан ши накха акхачу газанан шала йинчу шина кӀорнех тера бу. ПетӀаматаш юкъахь ежаш ю уьш.
6
Де дохделла а далале, ӀиндагӀаш а дӀадовдале, деза даьтта долчу лам тӀе гӀур ву со, хаза хьожа йолчу гу тӀе хьалавер ву.
7
Ерриг а хаза ю хьо, сан хьомениг, цхьа а сакхт дац хьуна тӀехь!
8
Схьадола соьца Ливанунера, сан нускал, схьадола соьца Ливанунера! Амана-лома тӀера сихло, Саниран а, Хьермонан а баххьашкара, цӀоькъабергийн лаьмнаш долчуьра, лоьмийн баннаш долчуьра схьайола.
9
Сан дог йийсаре лаьцна ахь, сан йиша, сан нускал! Сан дог йийсаре лаьцна ахь, цкъа хьайн бӀаьргийн нур а тоьхна, хьайн кочара цхьа жовхӀар а къагийна.
10
Ма мерза бу хьан безам, сан йиша, сан нускал! Хьан хьестар чагӀарал мел дика ду, хьан хьакхарш массо а хазачу хьожанел гӀолехь ду!
11
Мерза моз ду хьан багара Ӏенаш, сан нускал. Хьан матта кӀелахь шура а, моз а ду. Ливанунах йогӀучу хьожанах тера ю хьан бедарийн хьожа.
12
ДӀакъевлина беш ю сан йиша, сан нускал. ДӀакъевлина гӀу а, дӀахьулдина хьоста а ду хьо.
13
Хьох долу патарш нарийн беш ю, чохь тоьлла стоьмаш болу, йиппар а, деза нард-даьтта а ду.
14
Деза а, мерза а тайп-тайпана даьттанаш ду, хаза хьожа йогӀучу массо а ковсташца а, дитташца а. Хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, сарап а ду, тайп-тайпана духӀиш а ду цигахь.
15
Хьо бешахь долу хьоста ду, Ливанун-ломара охьаоьхуш долчу дийначу хин гӀу а ю.
16
Къилбаседера гӀатта, мох, къилбера схьахьакха, сан беша тӀе берза, тӀаккха цуьнан хаза хьожанаш схьахецалур ю. Шен беша вогӀийла сан везарг, цуьнан мерза стоьмаш буийла цо.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8