bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Song of Solomon 6
Song of Solomon 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 7 →
1
Стенга вахана хьан везарг, зударшна юкъахь исбаьхьаниг? Муьлхачу новкъа дӀавирзина иза? Оха хьоьца цхьаьна лохур вара иза.
2
Сан везарг шен беша воьссина, мерзачу бецийн хаьснаш долчу, бошмашкахь жа дажо а, петӀамат-зезагаш лахьо а.
3
Со сайн везарган ю, ткъа иза сан ву. Иза петӀаматаш юкъахь жа дажош ву.
4
Тирца-гӀала санна, исбаьхьа ю хьо, сан деган зезаг, Ярушалайм санна, безаме ю, байракхашца долу эскар санна, инзаре ю.
5
ДӀахьажабе суна тӀера хьайн бӀаьргаш, цара дог тохадолуьйту сан. ГалӀадан гунаш тӀера чуюьссучу гезарех тера ю хьан месаш.
6
Лийчийначуьра догӀучу жерчийн жех тера ю хьан цергаш. Цу жерчийн хӀораннан а шаланиг бу, цхьа а байна бац царна юкъахь.
7
Кирхьанна тӀехьа хьан беснеш наран аьхкаш санна хаза ю.
8
Кхузткъа зуда-паччахь а, езткъа гӀарбаш-зуда а елахь а, багар ца баллал мехкарий белахь а,
9
амма цхьаъ бен йоцург — иза ю, сан къоркхокха, сан дашониг. Цхьаъ бен яц иза шен ненан, ша йиначун къастийна ю иза. Мехкарша, иза ган а гина, декъалйира иза, зуда-паччахьаша а, гӀарбаш-зударша а хастийра иза.
10
Мила ю иза, цӀийялар санна, лепаш ерг, бутт санна, исбаьхьа ерг, малх санна, къегина ерг, байракхашца долу эскар санна, инзаре ерг?
11
БӀарийн беша чувоьссира со тогӀи чуьра соьналле бӀаьрг тоха, кемсийн таьлланг хецаеллий а, нараша заза даьккхиний а хьажа.
12
Сан са хазахетарх дуьзна дара! Хьайн деза даьтта лохьа суна, элийн сан халкъан ва йоӀ!
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8