bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Song of Solomon 7
Song of Solomon 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 8 →
1
Юхаерза, юхаерза, кхоччуш исбаьхьаниг! Юхаерза, юхаерза, тхо хьайга хьовсийта! Шу хӀунда хьовсу кхоччуш исбаьхьачуьнга, кӀант шина тобанашна юкъахь халхаре санна?
2
КӀархаш буьйхина хьан когаш ма хаза бу, баьччанан йоӀ! Говзачу пхьеро кечдина жовхӀарш санна, исбаьхьа ю хьан настарш.
3
Хьан цӀонга горга кад бу, шена чуьра мерза чагӀар ца хеда. Хьан гӀодаюкъ кӀен барз бу, гонах петӀамат-зезагаш долу.
4
Хьан ши накха — ши буьхьиг а, акхачу газано шала йина ши кӀорни а санна бу.
5
Хьан ворта — пийлан кӀомсарех йина бӀов санна ю. Хьан бӀаьргаш — Бат-Рабиман кевнна уллорачу Хьешбонан Ӏаьмнех тера бу. Хьан мара — Дамасакхана тӀеерзийначу Ливанунан бӀаьвнах тера бу.
6
Хьан корта Кармал-лам санна хьалаайина бу, хьан коьртара месаш таьӀна-цӀен эхангах тера ю. Паччахь цуьнан кӀужалша дӀавихкина лаьтташ ву.
7
Ма исбаьхьа, ма безаме ю хьо, сан хьомениг, сел тамехь хиларца!
8
Хурмин дитт санна, куьцехь ду хьан дегӀ, кемсийн хорханаш санна ду хьан накхош.
9
Ас элира: «Хурми тӀе хьалавер вара со, цуьнан стоьмаш схьалоцур бара ас». Хьан накхош кемсийн хорханаш санна делахьара! Хьан садеӀар Ӏежийн хьожанах тера делахьара!
10
Цуьнан балдех а, цергех а чекх а долуш, нийсса сан везаргана тӀеоьхуш долу тоьлла чагӀар санна хьан бат елахьара.
11
Со сайн везарган долахь ю, суна тӀеберзийна бу цуьнан лаам.
12
Схьавола, сан хьомениг, аренга гӀур ду вайшиъ, ярташкахь буьйсанаш йохур ю вайшимма.
13
Ӏуьйранна хьалххе кемсийн беша гӀур ду вайша, кемсийн таьлланг хецаеллий а, патарш делладеллий а, нараша заза даьккхиний а хьожур ду вайша. Цигахь ас сайн безам лур бу хьуна.
14
Безаман зезагаша шайн хаза хьожа хецна, вайн неӀарехь массо а тайпа тоьлла стоьмаш бу, керланаш а, ширанаш а — уьш ас хьуна Ӏалашбина, сан хьомениг.
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8