bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Song of Solomon 8
Song of Solomon 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
1
Сан ненан некхах векхаш волу сан ваша хьо велахьара! ТӀаккха, хьо урамновкъахь дуьхьалкхетча, ас барташ дохур дара хьуна, цхьа а кхаьрдар вацара сох.
2
Ас сайн ненан хӀусаме вуьгур вара хьо, цигахь ахь суна хьоьхур дара. Ткъа ас хьуна мерза чагӀар а, наран мутта а малор дара.
3
Цуьнан аьрру куьг сан коьрта кӀелахь ду, аьтту куьйгаца со марайоьллина цо.
4
Ярушалайман мехкарий, дехар до шуьга: безам ма баккхийша сама, ма гӀаттабайша иза, цунна лаъалц.
5
Мила ю иза, яьссачу арара, шен везачунна тӀе а теӀаш, схьайогӀуш ерг? Ӏожан дитта кӀелахь самаваьккхина ас хьо. Цигахь хьан нанас вина хьо, цигахь хьо винчо дуьнен чу ваьккхина хьо.
6
МухӀар санна, со хьайн дага тӀе йиллахьа, чӀуг санна, хьайн пӀелгах йоллахьа, хӀунда аьлча, Ӏожалла санна, чӀогӀа бу безам, дӀакхалхар санна, онда ду хьаьгна хилар. Безаман пхерчий цӀарах дина ду, онда цӀе ю иза ша а.
7
Даккхийчу хишка яйалур яц безаман цӀе, хин Ӏоврашка дӀахьуллур яц иза. Нагахь цхьаъ, шен берриг а бахам а белла, безам эца гӀерташ хилча, цавашарца дӀатоттур вара иза.
8
Жима йиша ю тхан, накхош кхиаза ду цуьнан хӀинца а. Оха хӀун дан деза цунна, иза еха нах баьхкича?
9
Иза пен белахьара, оха цунна тӀехь дато бӀаьвнаш йийр яра. Иза неӀ елахьара, оха баганан аннаш тухур дара цунна тӀе.
10
ХӀетахь пен санна, шера яра со, амма хӀинца сан накхош бӀаьвнаш санна ду. Цундела цуьнан бӀаьргашкахь сох хӀинца кхиъна яьлларг хилира.
11
БаӀал ХӀамунехь кемсийн беш яра Сулим-паччахьан. Беш лелочу нахе иза дӀаелира паччахьо. ХӀораммо цхьа эзар дато ахча дала дезара ша гулбинчу стоьмех.
12
Сан кемсийн беш соьгахь сайгахь ю. Эзар ахча хьуна ду, Сулим, ткъа ши бӀе — беш лелочарна.
13
Сан хьомениг, хьо сан бешахь Ӏаш ю. Сан накъостий хьоьжуш бу, хьан аз хазархьама. Суна а хазийтахьа иза.
14
Сихлохьа, сан хьомениг, — масарх я къоначу сех тера хилалахь деза даьтта долчу лаьмнаш тӀехь.
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8