Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Иза Ас дийр ду, Сулим-паччахь, Ас бохучунна тӀера дӀа а ваьлла, цӀаданхойн цӀу-далла Ӏаштартана а, муабахойн цӀу-далла Камошна а, Ӏамминхойн цӀу-далла МилкӀомна а Ӏибадат дан волавелла дела. Иза, Сан некъа тӀера дӀа а ваьлла, Сан хьехамаш ца лоруш, Сан весеташ кхочуш ца деш дӀахӀоьттина. Цу гӀуллакхашна тӀехь Сулим-паччахь шен дех Даудах ца тарвелира.