1 Kings 16:15 — Compare Translations

1 translations compared side by side

Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
ЯхӀудхойн паччахьо Асас паччахьалла до ткъе ворхӀалгӀа шо долуш, хилира Зимарих паччахь. Цо Тирца-гӀалахь ворхӀ дийнахь паччахьалла дира. Иза дара исраилхойн эскаро пӀелаштамхойн Габитун-гӀалина го бинчу хенахь.