Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Кхин а, диц ца долуьйтуш, дагалацалахь, Бахьрум олучу меттигера бен-яманхочун Герин кӀант ШамаӀи а ву хьуна. Со Махьанайм олучу меттиге воьдучу хенахь, цо чӀогӀа сардамаш доьхкира суна. Иза Йордан-хин йистехь сайна дуьхьал кхетча, аса Везачу Элах дуй биънера, айса, тур тоьхна, иза вуьйр вац аьлла.