Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
ХӀинца мукъана а ладогӀахьара сан олахочо шен лай волчо бохучуьнга. Нагахь санна Везачу Эло хьан дага чу со бахьана долуш оьгӀазло кхоьллинехь, соьгара хаза хьожа йогӀу сагӀа дӀаэцахьара Цо. Амма адамаша со бахьана долуш хьан дага чохь оьгӀазло кхоьллинехь, Везачу Элана хьалха неӀалт хилла дӀахӀуьттийла уьш, хӀунда аьлча цара, со Везачу Эло суна делла долчу лаьттан декъа тӀера хьала а гӀаттийна, олуш ду: „Ваха а гӀой, хийрачу къаьмнийн деланашна Ӏамал е“, — аьлла.