1 Samuel 29:4 — Compare Translations

1 translations compared side by side

Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Цунна чӀогӀа реза боцуш хьаьвзира пӀелаштамхойн элий. Цара Ахаше элира: «ДӀавахийта и стаг. Ахьа цунна билгалъяьккхинчу меттехь Ӏайта иза. Тхоьца тӀамтӀе а ма ваийта, цунах вайна мостагӀа ма хилийта. ХӀун дина хьостур ду цо шен паччахьан дог? Вайн нах а байина хьостур ду.