1 Thessalonians 3:2 — Compare Translations

1 translations compared side by side

Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
2-3 Ткъа шу долчу тхайн динан ваша Тимапи вахийтира оха. Иза Делан гӀуллакх а деш, тхоьца Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаза кхаъ кхайкхош къахьоьгуш ву. Аша хьоьгучу халонашкахь шун цхьаннен а ойла ца карчийтархьама, шу динехь чӀагӀдалийта а, Делах тешаран гӀуллакхна тӀехь шун дегнаш иракарахӀитто а вахийтина оха иза. Шуна шайна хаьа, иштта халонаш вай лан езийла.