Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Ара а ваьлла, Асина тӀе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхӀудхоша а, бен-яманхоша а, ладогӀа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дӀатасахь, Цо шу а дӀатосур ду.