2 Chronicles 2:7 — Compare Translations

1 translations compared side by side

Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Ткъа хӀинца цхьа говза пхьар ваийтахьа со волчу. Деших а, детих а, цӀастанах а, эчигах а хӀуманаш ян а хууш, иштта таьӀна цӀечу а, цӀарула-цӀечу а, сийначу а басахь долчу тех хӀуманаш ян хууш а, хадорца хӀуманашна куьцаш деш волу стаг хила веза иза. Сан дас Дауда ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалайм-гӀалахь а къобалбина хиллачу говзанчашца цхьаьна белхаш бийр бара цо.