2 Chronicles 20:22 — Compare Translations

1 translations compared side by side

Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Цара, маьхьарий а детташ, хастамаш бечу хенахь, Везачу Эло яхӀудхошна тӀегӀорта баьхкинчу Ӏамминхошна а, муабахошна а, СеӀир-ломарчу бахархошна а дуьхьал кӀело йийраш дӀахӀиттийра. Уьш ийшира.