2 Chronicles 22:9 — Compare Translations

1 translations compared side by side

Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
ЯхӀус Ахьаз-ЯхӀу схьалахар тӀедиллира. Цара Шамран-гӀалахь къайлаваьлла лелаш волу Ахьаз-ЯхӀу, схьа а лаьцна, ЯхӀуна тӀе а валийна, вийра. Цара Ахьаз-ЯхӀу, дӀа а воьллина, дӀаверзийра, хӀунда аьлча цунах лаьцна бохура: «Иза шен дерриге а доггах Веза Эла лехначу ЯхӀушаптин кӀентан кӀант ма вара». Ткъа яхӀудхошна тӀехь паччахьалла далур долуш Ахьаз-ЯхӀун цӀийнах цхьа а стаг ца виснера.