2 Chronicles 23:13 — Compare Translations

1 translations compared side by side

Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
ДӀахьаьжча, шен бӀогӀамна уллохь, Делан цӀенна чу воллучохь, лаьтташ волу паччахь гира Ӏатал-ЯхӀуна. Паччахьна уллохь лаьтташ хьаькамаш а, турба локхуш берш а бара. Цу махкахь долу дерриг а халкъ, самукъане а дара, цара лоькхуш турбанаш а яра. Иштта илланчаш а бара шайн зурманийн гӀирсашца хастамаш бечарна тӀехь куьйгалла деш. Ӏатал-ЯхӀус, шен тӀехулара бедарш этӀа а йина, мохь хьаькхира: «Ямартло йина! Ямартло йина!» — аьлла.