2 Chronicles 24:25 — Compare Translations

1 translations compared side by side

Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
ЧӀогӀа чов хилла волу Юаш Ӏад а витина, арамхой дӀабахара. Ткъа динан ден ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант верна, бекхам а беш, Юашана дуьхьал барт бира цуьнан ялхоша. Цара иза шен меттахь Ӏуьллучохь вийра. Юаш велира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Амма иза паччахьийн къуббанашкахь дӀа ца воьллира.