Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Иштта, юхаметтахӀоттийра цо БаӀалт-гӀала а, шен долахь йолу тӀаьхьалонна кечдина сурсаташ чохь латтош йолу ерриг гӀаланаш а, говраш южу гӀудалкхаш латтош йолу гӀаланаш а, дошлойн говраш чохь латтош йолу гӀаланаш а. Ерриг Ярушалайм-гӀалахь а, Ливанун-махкахь а, шен долахь мел долчу лаьтта тӀехь шена ян лиъна йолу массо а хӀума йина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.