2 Kings 19:23 — Compare Translations

1 translations compared side by side

Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Веза Эла емал а веш, хьайн геланчашкахула ахьа бохура: ‹Сайн дуккха а йолчу гӀудалкхашца ломан лакхенашка хьалаваьлла со, Ливанунан уггар лакхарчу регӀа тӀе. Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а, тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса. Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а, хьаннашна юкъахь къаьсттина юькъа йолчу хьуьнах а кхаьчна со.