Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
ЯхӀудхойн паччахьаша къобалбинера динан дай, ткъа цара хаза хьожа йогӀу хӀума ягайора БаӀал-харцдалла а, малхана а, баттана а, седарчашна а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а. Юши-ЯхӀу-паччахьо дӀабехира ЯхӀуд-мехкан массо гӀаланийн а, Ярушалайм-гӀалина гонах мел йолчу меттигийн а сагӀа доккхучу гунашкахь хаза хьожа йогӀу хӀума яго яхӀудхойн паччахьаша къобалбина мел болу и харц динан дай.