Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Пайхамарийн тобанера волчу цхьана стеган зудчо, елха а йоьлхуш, бохура ЭлишаӀе: «Хьан ялхо хилла волу сан майра велла. Хьуна хаьа-кх, иза Везачу Элах кхоьруш стаг хиллий. ХӀинца иза декхарийлахь хилла волу стаг, ван а веана, сан ши кӀант дӀавига воллуш ву, царах шена леш бан дагахь».