2 Kings 4:13 — Compare Translations

1 translations compared side by side

Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Шен ялхочуьнга ЭлишаӀа элира: «Хаттахьа оцу зудчуьнга: „Ахьа тхан оццул гӀайгӀа ярна, оха хӀун дика дийр дара те хьуна? Хьайх лаьцна паччахье я эскаран хьаькаме хӀумма а дӀаала лаьий те хьуна?“». Амма цу зудчо жоп делира: «ХӀан-хӀа, ца оьшу. Со сайн халкъана юкъахь ехаш ма ю».