Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Царах цхьаъ хасстоьмаш даха кха тӀе вахара. Цунна акха кемсийн таьлланг санна йолу цхьа орамат карийра, амма иза кхин тайпа акха орамат яра. Орамат тӀера цхьадолу стоьмаш а гулдина, царах шен бедаран юх юьзира пайхамаро. Цо, юха а вирзина, уьш, хеда а дина, чорпи чу тесира, шена уьш хӀун стоьмаш ду ца хуъушехь.