Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
НаӀамана элира: «Схьаэцахьа йиъ пунт дети». Цо дехарш дора, схьаэца бохуш. ТӀаккха дети а, хуьйцуш юха ши бедар а, шина тӀоьрмаг чу а йиллина, иза дӀабихкира НаӀамана. Шен ялхойх шиъ, ГӀайхьазина хьалха а ваьккхина, и тӀоьрмагаш цаьрга дӀабахьийтира цо.