Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
ХӀунда аьлча и тӀулг, хьуна ма-гарра, лам тӀера дӀакъастийра, амма иза адаман куьйго дина дацара. Ткъа оцу тӀулго, цу суьртана тӀе а керчина, эчиг а, цӀаста а, поппар а, дети а, деши а аьтта дӀадаьккхира. Сийлахь Воккхачу Дала хаам бина паччахьна хиндолчух лаьцна. И гӀан а бакъ ду, иштта нийса ду цуьнан маьӀна а».