Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Суьйранна иза паччахь волчу буьйса яккха дахаза долчу зудаберашна юкъара йолий, паччахь волчу чуйоьдуш хилла, ткъа Ӏуьйранна паччахьан зударий болчу дӀайоьдуш хилла, ШаӀа-Шагиз бохуш цӀе а йолуш, паччахьан гӀарбаш-зударшна тӀехь Ӏуналла деш волчу ваьӀна ялхочун куьйга кӀел. Паччахьан цӀа чу кхин йоьдуш ца хилла и йоӀ, цо цӀе а яьккхина, цуьнга дӀакхайккхалц.