Esther 3:12 — Compare Translations

1 translations compared side by side

Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Хьалхарчу беттан кхойтталгӀачу дийнахь схьакхайкхира паччахьан кехаташ яздархой. Цара ХӀаманан омранаш дӀаяздира пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу къаьмнийн меттанашкахь а, церан йозанца а. И кехаташ паччахьан тхьамданашка а, хӀора меттиган куьйгалхошка а, хӀора къоман баьччанашка а яздина дара. И кехаташ паччахьан цӀарах яздина дара, цуьнан мухӀарца чӀагӀдина а дара.