Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Геланчаша и кехаташ пачхьалкхан массо а маьӀӀе дӀасадаьхьира. Цу кехаташ тӀехь яздина дара, массо а жуьгтех волу стаг, къона а, къена а, бер а, зуда а ца къастош, цхьана дийнахь хӀаллакбе, ткъа церан бахам схьа а баккха аьлла. Массо а жуьгтий байа безаш билгалдаьккхина долу де дара шийтталгӀачу Адар беттан кхойтталгӀа де.