Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Цо иштта ХӀатахига дӀаделира, жуьгтий хӀаллакбе аьлла, паччахьан сацам тӀехь болу кехат а. И сацам цу хенахь Шушан-гӀалин массо а маьӀӀе дӀабахьийтинера. Мардахайна лаьара и сацам Эсиратана дӀабовзийла а, цунна массо а хӀума дӀахоийла а. Цо Эсиратана тӀедиллийтира, иза паччахь волчу а яхана, цуьнга шен къомах къинхетам бахьара аьлла, паччахье дехарш дар.