Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Цара хьоьга хаьттича: „Ахьа узарш стенна до?“ — ахьа ала деза: „Вайна тӀекхочуш болу хаам бахьана долуш до. Иза тӀекхаьчча, хӀораннан дог, Ӏадийна, дешар ду, массеран а куьйгаш, чуьра са дӀадаьлча санна, охьагӀур ду, хӀораннан а са кхачалур ду, голаш, хи санна, егор ю. ЛадогӀа, и хаам тӀекхочуш ма бу, иза кхочушхир ма ду“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.