Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Уьш хьуна тӀелетар бу герзашца а, гӀудалкхашца а. Церан йоккха тоба хир ю, доккхачу а, жимачу а турсашца а, гӀемашца а. Цара хьуна го бийр бу, ткъа Ас хьо церан кара дӀалур ю, цаьрга хьуна тӀехь кхел яйтархьама. Иштта цара, шайн Ӏадаташка хьаьжжина, хьуна таӀзар дийр ду.