Ezra 8:17 — Compare Translations

1 translations compared side by side

Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Аса и нах Касипай-гӀалин куьйгалхо волчу Ӏидуна тӀе бахийтира, цара Ӏидуга а, цуьнан гергарчу нахе а дӀаала дезарг дӀа а хьехна. Цуьнан гергара нах Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх дийраш бу. Аса и нах Ӏиду волчу бахийтира, цаьрга тхо долчу нах балабайта, вайн Делан цӀа долчохь гӀуллакх дайтархьама.