Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Тхан дайшкара дуьйна таханлера де тӀекхаччалц, оха даккхий къинош летийна. И къинош бахьана долуш тхо а, тхан паччахьаш а, тхан динан дай а кхечу махкара болчу паччахьийн кара дӀаделира Ахь. Уьш тхуна тӀе а летара, тхан нах цара дӀа а буьгура, тхуна цара талораш а дора, тахана а ма-даккхара, сийсаза а дохура.