Isaiah 33:20 — Compare Translations

1 translations compared side by side

Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Вайн синкъераман гуламаш хуьлучу гӀалане Цийоне дӀахьажал. Хьан бӀаьргашна Ярушалайм гур ю, иза машаре меттиг а, меттахдаккхалур доцу четар а ду. Иза чӀагӀдеш тоьхна долу хьостамаш цкъа а схьадевр дац, цуьнан цхьа а муш хедар бац.