Jeremiah 29:21 — Compare Translations

1 translations compared side by side

Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Сан цӀарах шуна харцхаамаш бечу Къули-ЯхӀун кӀантах Ахьабах а, МаӀсей-ЯхӀун кӀантах ЦӀадукъ-ЯхӀух а лаьцна иштта боху: „Уьш Аса Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран кара дӀалур бу, ткъа цо уьш шун бӀаьргашна хьалха хӀаллакбийр бу.