Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
синкъераман а, хазахетаран а аьзнаш, зуда ялош волчун а, маре йоьдучун а аьзнаш. Иштта хезаш хир ду баркаллин сагӀанаш Сан деза цӀа долчу дахьачеран аьзнаш а. Цара эр ду: „Баркалла ала массо а ницкъийн Везачу Элана, Иза дика хиларна. Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу“. Иза иштта хир ду, хӀунда аьлча Ас хӀокху мехкан аьтто, хьалха санна, юхаметтахӀоттор бу», — боху Везачу Эло.