Jeremiah 35:14 — Compare Translations

1 translations compared side by side

Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Рахбин кӀанта ЯхӀу-Надаба шен тӀаьхьенна, чагӀар ма мала аьлла, тӀедиллинарг кхочушхуьлуш схьадогӀуш ду. Уьш таханлера де тӀекхаччалц чагӀар ца молуш схьабогӀуш бу, шайн ден весет кхочуш а деш. Ткъа Со юх-юха а шуьга дуьйцуш Ӏаш ву, амма аша Соьга ла ца дугӀу.