Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
ЮшаӀа, ГӀай-гӀала схьа а яьккхина, иза йохийна, Ерихон-гӀалина а, цуьнан паччахьна а диннарг ГӀай-гӀалина а, цуьнан паччахьна а дина аьлла, хезира Ярушалайман паччахьна Адани-Цадакхна. Иштта цунна хезира, ГавӀонан бахархой, исраилхошца барт а бина, царна юкъахь Ӏаш бу аьлла.