Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Цул сов, шерачу арахь йолу ерриг гӀаланаш а, Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан берриг мохк а. Мусас хӀаллаквинера и паччахь а, маданхойн баьччанаш а: Ивай а, Рекхам а, Цура а, Хьор а, РебаӀ а. Цу махкахь Ӏийна болу а, Сихьонца бертахь хилла болу а элий бара уьш.