Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Делилас юха а Шамшоне элира: «Со массо а хенахь лейо ахь, суна харцдерг а дуьйцуш. Дийцахьа соьга, муха дӀавехка веза хьо?» Шамшона цуьнга элира: «КӀади деш йолчу чорха тӀехь сан месех йина йолу ворхӀ чӀаба цу кӀадинах дӀа а юьйцина, ахьа иза хьостамашца гуьйригах дӀатохахь, со, массо а нах санна, гӀийла хир ву». Иштта иза вижинчул тӀаьхьа, цуьнан ворхӀ чӀаба кӀадинах дӀа а юьйцина,