Judges 6:25 — Compare Translations

1 translations compared side by side

Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Цу буссехь Везачу Эло ГадӀане элира: «Хьайн ден бежанашна юкъара шолгӀа сту (ворхӀ шо кхаьчна берг) схьа а эций, хьайн дас кечйина йолу БаӀална сагӀа доккху меттиг йохае. Иштта цунна уллохь лаьтташ болу Ашера-далла лерина болу дечиган бӀогӀам, хадабай, схьабаккха.