Judges 9:49 — Compare Translations

1 translations compared side by side

Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Уьш хӀора а, Абу-Малика санна, гаьннаш а даьхна, цунна тӀаьхьахӀоьттира. Цара шаьш схьадеана долу гаьннаш БаӀал-Бартан цӀенна кхераме йоцучу чоьнна улло охьадехкира. Царах цӀе а латийна, цу чохь мел хилларг а вагийра цара. Иштта вагийна дӀаваьккхира Шехеман бӀаьвнна чохь хилла волу цхьа эзар хиллал стаг. Царна юкъахь зударий а, божарий а бара.