Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
ЧӀагӀйина гӀаланаш а, токхе латтанаш а цара схьалецира. Хьолах дуьзна долу цӀенош а, яьхна гӀунаш а цара шайн дола ехира. Иштта кемсийн а, зайт-диттийн а, стоьмийн а бошмаш цара шайн дола ехира. Уьш Ӏаббалц дууш, берстина дӀахӀиттира, Ахьа шайна деллачу массо а беркатах марзо а оьцуш.