Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Амма синтем юха-ма-бирззинехь, тхан дайша юха а Хьуна зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Цундела церан мостагӀийн карахь уьш битина Ахь, цаьрга хӀокхарна тӀехь олалла дайтархьама. Амма цара, юха а бирзина, Хьоьга гӀо дехча, стигалахь волчу Ахьа, церан дехарш а хезна, юха а Хьайн боккхачу къинхетамца дукхазза а гӀо дира царна.