Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Ахьа цаьрга дӀахьедора, Хьайн товрат-хьехамашна тӀе юхадерза дезар дӀахоуьйтуш, амма цара, кура а бевлла, Хьан весеташ дӀатеттира. Ахьа тӀедиллинчарна дуьхьал къинош летийра цара. Делахь а, уьш лардийриг церан гӀоьнца вехар вара. Бухахьа а бевлла, Хьох дӀа а бирзина, дегнаш чӀагӀ а дина, Хьоьга ла ца дуьйгӀира цара.