Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Шуна юкъахь Ӏаш тӀевеана стаг велахь, ткъа цунна а Везачу Элана лерина Пасахьан дезде даздан лаахь, цо и гӀуллакх, Пасахьан парзаш а, цуьнан тӀедехкинарш а лар а деш, кхочушдан деза. Шун массеран а цхьатерра парзаш хила деза — тӀевеанчу стеган а, шен схьавалар исраилхойх волчуьнан а“».