bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 John 1
2 John 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
1
Тхьамда волчу аса яздо хаьржина зуда йолчу хьоьга а, хьан берашка а. Суна шу баккъал а деза, ткъа суна дезна а ца Ӏаш, билггал долу бакъдерг девзинчу массарна а дезаш ду шу.
2
ХӀунда аьлча билггал бакъдерг вайца долуш а ду, абадехь хир а ду.
3
Да волчу Делера а, Ден КӀант волчу Цо леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргӀато а хир ю билггал долу бакъдерг девзаш а, вовшийн дезаш а долчу вайца.
4
Суна чӀогӀа хазахийтира, вайга стигаларчу Дас весет ма-дарра, хьан берех цхьадерш билггал бакъдолчуьнца лелаш хилар.
5
Ткъа хӀинца ас яздо хьоьга, зуда, керла а доцуш, амма юьхьанца дуьйна а хиллачу весетах лаьцна. И весет вай вовшийн дезаш хила деза аьлла ду.
6
(Ткъа безам иштта бу: стигаларчу Ден весеташ лар а деш, вай лелар.) Иза шуна юьхьанца дуьйна а хезна долу весет ду, и лардеш шу лелийтархьама.
7
ХӀунда аьлча адамаш Ӏехош болу дуккха а нах баьржина дуьнен чохь. Цара Дала леррина къобалвина волу Ӏийса, адам санна, дуьнен чу валар тӀе ца дуьту. Иштта волу хӀора стаг адамаш Ӏехориг а, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг а ву.
8
Къа а хьегна, вай даьккхинарг, аша дайа а ца дойуш, цунах юьззина ял шайна схьаэца хьовсалаш.
9
Дала леррина Къобалвинчун хьехамаша бохучунна тӀе а детташ, уьш лар а ца беш волчу муьлххачун а Делаца уьйр яц. Дала леррина Къобалвинчун хьехамаш лар а беш, Ӏаш волчун Деца а, КӀантаца а уьйр ю.
10
Нагахь шеца и хьехамаш а боцуш, ткъа кхин хьехамаш бахьаш цхьаъ шу долчу вагӀахь, аша цӀа чу а ма вита иза, цуьнга маршалла а ма хатта.
11
ХӀунда аьлча цуьнга маршалла хоттуш верг цуьнан зуламечу гӀуллакхийн декъашхо хуьлу.
12
Дуккха а дара сан шуьга яздан, амма иза шекъанца кехата тӀехь яздан ца лаьа суна. Ткъа аса сатуьйсу, шу долчу а веана, юьхь-дуьхьал а волуш, дерриг а дӀадийцаре, вай даккхийдер кхоччуш дуьззина хилийтархьама.
13
Маршалла доуьйту хьоьга хаьржина йолчу хьан йишин бераша а.
Jump to:
Chapter 1
All chapters:
1