bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
3 John 1
3 John 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
1
Тхьамда волчу аса яздо хьоьга хӀара кехат, сан хьоме Гаяс. Суна хьо билггал дукхавеза.
2
Сан хьоме доттагӀа, ас доӀа до, хьо могуш-маьрша хилийтар а, массо а агӀор хьан дика хилийтар а доьхуш, хьан синан агӀо дика ма-хиллара.
3
Суна чӀогӀа хазахийтира, цхьаболчу динан вежарша, кхуза а баьхкина, тоьшалла дича, хьо билггал долчу бакъдолчунна тешаме а ву, цуьнца хьо кхидӀа а лелаш ву аьлла.
4
Суна массо а хӀуманал хазахеташ дерг ду, сан динан бераш гуттара а билггал бакъболчу некъахула лелар.
5
Сан хьоме доттагӀа, динан вежаршна дечу гӀуллакхашна тӀехь хьо чӀогӀа тешаме ву, уьш хьайна бевзаш а боццушехь!
6
Кхузахь йолчу динан тобанна хьалха цара тоьшалла дира хьан безамах. Далла хазахетачу тайпана уьш новкъа бахар дика хир дара хьуна.
7
Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа буьйлабелла лелаш ма бу уьш, дин доцучу нахе гӀо а ца доьхуш.
8
Цундела вай, динан вежарша, ишттачу нахана оьшшург дӀадала деза, вай ваьш а бакъдолчун дуьхьа цара дечу гӀуллакхийн декъахь хилархьама.
9
Хьо вехачохь йолчу динан тобане кехат яздинера ас, амма Дайтарпана со къобал ца во, хӀунда аьлча цунна динан тобанан коьртехь ша хила лаьа.
10
Цундела со шу долчу веача, аса динан тобане ма-дарра дӀадуьйцур ду Дайтарпана лелочух лаьцна. Цо тхох лаьцна харцдерг дуьйцу, ткъа, иза дина а ца Ӏаш, тхан динан вежарий тӀе а ца оьцу цо. Иштта цо новкъарло йо оцу тобанехь болу и динан вежарий тӀеэца лууш болчарна а. Цо уьш динан тобанна юкъара дӀа а боху.
11
Хьоме доттагӀа! Зулам лелочарах тар ма лолахь, амма дика дечу адамех тера хилалахь. Дика дечун гӀуллакхаша гойту — иза Делера хилар. Ткъа зулам лелочун гӀуллакхаша гойту — цунна Дела гина ца хилар.
12
Динан тобанна юкъарчу хӀораммо а тоьшалла до Дамарти дика стаг хиларх. Бакъдолчо а тоьшалла до цунах. Иштта оха а тоьшалла до иза дика стаг хиларх. Ткъа шуна-м хаьа, оха до тоьшалла бакъ дуйла.
13
Кхин дуккха а хӀума дара сан хьоьга яздан, амма шекъанца кехата тӀехь яздан ца лаьа суна иза.
14
Аса дог доху, кестта хьо гаре, юьхь-дуьхьал а волуш, вовшашца къамел дархьама.
15
Маьрша Ӏойла хьо! Хьан доттагӀаша маршаллаш доуьйту хьоьга. Хьан тобанехь волчу хӀоранга а шен-шен цӀарах маршалла далар доьху ас.
Jump to:
Chapter 1
All chapters:
1